Ненан Мотт

 

Со вина Кавказан ломахь,

Къоьжачу баххьашна юккъехь.

Аьрзонийн баннашна лулахь,

Нанас со кхиийна берахь.

 

Цигахь со набарна товжош,

Цо олу аганан илли,

Декара, дог хьоьстуш, довха,

Сан нохчийн маттара илли.

 

Сарахь цо туьйранаш дуьйцуш,

Со цунах хьерчара кхоьруш,

Я халкъан илли цо олуш,

Д1атуьйра набаро хьоьстуш.

 

Шаьш хьегна баланаш балхош,

Вайн халкъан турпалхой хестош,

Дайн-дайша даьхна и иллеш,

Декара дог 1ийжош, доруш.

 

Цу иллийн дешнашца гора

Даймехкан исбаьхьа сурташ,

Маршоне, даймахке безам,

Вайн дайша къийсамехь гайтар

 

Ненан мотт, хьуна т1е тийжаш.

Хьоьца шен баланаш балхош,

Хьоьца шайн дог-ойла г1иттош,

Ловш 1ийна уьш и буьрса денош.

 

Хьоьца ду суна мел дезнарг,

Вина мохк, нанас сан хьестар.

Хьоьца ду сан велар, велхар,

Дахаре сан болу безам.

 

Бекалахь, ненан мотт, тахна,

Дуьнене машаре кхойкхуш,

Лаьтта т!ехь Къинхьегам, Нийсо,

Вошалла, Ире, Машар кхайкхош.

 

А. Айдамиров