Нохчийн Чоь

Нохчийчоь

 

беттаса схьакхийти эзар шо хьалха

кхеташ ма-хиллара г1айг1ане цхьалха

адамаш чудирзи эзар шо хьалха

дерзаш ма-хиллара даха я кхалха

Нохчичоь латта хьо серлонан х1ордах

эзар шо даьлча а яха ца к1ордош

 

мостаг1а вог1ур ву дуьсур ду диерташ

дуьсур ду хьан лекха ойлане биердаш

хьаша=да вог1ур ву юьсур ю марзо

и марзо елхайо хьан ломахь барзо

г1елашна г1ерг1ачу курачу сайно

ц1е йоцчу коша т1ехь даьллачу стайно

и марзо елхош ду сан х1ора дош а

хьан дато некъаш а момсарийн бос а

Нохчийчоь латта хьо серлонан х1ордах

эзар шо даьлча а яха ца к1ордош

 

со кхуззахь вина ву тийналлин к1оргехь

хьан сина тийжачу кхокханан к1орни

пен боцчу х1усамехь тхов боцчу кхерчахь

да воцуш кхиъна со хьан ц1арах хьерчаш

хьан б1аьвнийн херцаршлахь бецан хал санна

хьан серло тергалъян ма дезна сан а

хьан стиглахь аьрзунан мохь санна шийла

со а д1авовр ву цкъа тийналлех ийна

Нохчийчоь латта хьо серлонан х1ордах

эзар шо даьлча а яха ца к1ордош

 

тхо девлла д1аг1ур ду дуьсур ду дешнаш

дуьсур ду хьан хаза хьан оьзда кешнаш

буц йолу буц юьжу ойлане баьрзнаш

вог1учун воьдучун до1анийн аьзнаш

хьан херцарш юьсур ю да воцуш велха

дуьсур ду хьан стиглахь аьрзунийн хелхарш

юьсур ю назманаш зикарийн шовкъаш

юьсур ю тхан дагалецамийн овкъарш

хьо йиса Нохчийчоь серлонан х1ордах

эзар шо даьлча а яха ца к1ордош

 

Апти Бисултанов